Лараме ВАША, Нохчийн Республикин МЕХК-ДА АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН!
Нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а, марзбарна а боккха тидам тIебохуьйтура вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖАС (ДАЛА гIазот къобалдойла цуьнан). Нохчийн Республикин Конституцехь нохчийн маттана пачхьалкхан статус йелла, оьрсийн маттана санна.
Тахана, Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН бахьана долуш дерриге а хьелаш кхоьллина нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а. Вуно баккхийчу барамашкахь дIахьочу дешаран, довзийтаран, культурин программаша а, проекташа а аьтто бо тIекхуьуш долчу къоначу чкъурехь ненан матте хьашто, безам, ларам кхолла.
Нохчийн халкъан историн а, культурин а бух болу нохчийн мотт Iалашбар Iаламат мехала гIуллакх ду вайн пачхьалкхалла чIагIйарехь, вайн къоман башхалла, дин, синкхетам, гIиллакх-оьздангалла ларйарехь.
Ненан мотт бу вайн къоман башхалла, шатайпаналла, Россин халкъийн дукхакъаьмнийн доьзалехь кхечарах тера цахилар гойтуш берг. Вайн декхар ду ненан мотт Iалашбар, иза тIейогIучу тIаьхьенашна дIакховдор. Вай и дийр а ду, ДАЛА мукъ лахь!
Ас даггара декъалво хIора нохчо Нохчийн меттан денца! Нохчийн мотт бийца, кхио тахана йолчу хIокху маршонах пайдаэца Везачу АЛЛАХIА хьекъал, кхетам лойла вайна! Дала тIаьхье беркате йойла вайн!