Хьомсара доттагIий!
«Грозный» телеканалан векалша йовзуьйтур йу шуна нохчийн къоман йаздархойн байташ. Уьш хир йу Даймахках, дахарх, безамах, Iаламах, иштта кхидIолчух а лаьцна. Нохчийн матте безам кхолларан а, вайн сийлахьчу йаздархойн говзарш йовзийтаран а Iалашонца оха хазахетарца дIаболийна бу хIара беркате болх. Къоман мотт ларбаре а, Iалашбаре а кхойкху оха хIора а нохчийн къоман векал.
«Грозный» телеканалан эфирехь а, тхайн социальни машанашкахь а оха йукъ-кара шун тидаме йохкур йу «Поэзин мIаьргонаш». Ларйе тхан эфир! Ларбе нохчийн мотт! Сулейманов Ахьмадан «Лойша суна» байт дIайоьшу НР-н хьакъйолчу журналиста Сулейманова Разета.