Лараме Мехк-Да, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, хьоме махкахой!
Нохчийн къоман мехалчу денойх цхьа де ду Нохчийн меттан де. Доккха маьIна а, кIорггера чулацам а болуш ду иза. Муьлххачу къоман санна – иза нохчийн къоман коьрта билгало а, адамаллин куьзга а ду. Маттаца доьзна ду халкъан дерриге дахар: уьйраш, сий, яхь, болх, гергарло, хьекъал, кхетам. Иза хууш волчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (ДАЛА гIазот къобалдойла цуьнан) ненан мотт Iалашбарна, кхиорна боккха тидам тIебахийтира. Цо дIаболийна некъ дIахьош, нохчийн матте болу шен ларам гойтуш Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана оханан беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де ду аьлла дIакхайкхийна.
К1оштан бахархошкара а, сайгара а даггара баркалла ала лаьа суна Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна вай къоман меттан 1аламат йокхха терго ярна! ДАЛА аьтто бойла нохчийн мотт кхиорехь, ларбарехь, сийдарехь къахьоьгучеран. Кхин а баккхийчу кхиамашка кхачадойла шу!
ДАЛА т1аьхье беркате а йойла!
АХМАТ-СИЛА! АЛЛАХ1У АКБАР!