2026-чу шеран чиллин беттан 20-чу дийнахь Гуьмсе-г1алин 8 чу ишколехь д1айаьхьира "Беза, бовза ненан мотт" ц1е йолу регионан этнографин диктант.
Диктантан декъашхоша гайтира шайна ненан мотт безар, цуьнга шайн марзо хилар а. Хьалха х1иттийнчу хаттаршна кхоччучу барамехь жоьпаш делира дукхахболчара.
Кхочушбинчу белхаш т1ехь билгалделира диктантан декъашхошна ненан мотт бевзаш, безаш хилар.