#Repost @daymohk_gazet ・・・ Нохчийн халкъана уггаре а маьӀнечу денойх цхьаъ ду тахана - Нохчийн меттан де.
・・・
Нохчийн халкъана уггаре а маьӀнечу денойх цхьаъ ду тахана - Нохчийн меттан де.
Иза билгалдоккхуш ду 2007-чу шарахь дуьйна.
ХӀетахь "Нохчийн меттан де" дӀакхайкхоран хьокъехьчу Указна (№207 / 11.05.07) куьг йаздира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дӀадолорца оьрсийн мотт а санна, нохчийн мотт а бу пачхьалкхан мотт аьлла Нохчийчоьнан Конституци тӀехь билгалбина.