📚🧠 Нохчийн меттан Дуьне таллар!
"Нохчийн меттан дуьненахь" ц1е йолу шовкъе "Брейн -ринг- къовсам" боккхачу кхиамца дӀабаьхьира Соьлжа-Г1алин хьехархойн колледжехь! ✨ Нохчийн меттан Денна т1ебоьг1на х1ара интелектуальни къовсам массо а декъашхошна а, хьовсархошна къегина хилам хилла д1ах1оьттира.
Колледжан дешархоша шайн ненан меттан кӀорггера хаарш, говзалла, ненан матте болу безам гайтира, чолхечу хаттаршна а, хӀетал-металшна а жоьпаш луш.
Ишттачу мероприятеша дешархойн эрудици кхиийна ца Ӏаш, вайн хьалдолуш болу нохчийн мотт Ӏалашбарна а, халкъана бовзийтарна а гӀо до.
Нохчийн меттан Денца декъалбо толамхой а, даздарехь дакъалаьцна массо а стаг а, дерриге а нохчийн къам а! 🏆👏 .