Нохчийн пачхьалкхан экономикин колледжехь д1айаьхьира Нохчийн меттан денна лерина урок.
Нохчийн пачхьалкхан экономикин колледжехь д1айаьхьира Нохчийн меттан денна лерина урок. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера нохчийн меттан, литературин хьехархочо Тутаева Шумист Лечаевнас. Урокан тема йара нохчийн г1араваьллачу йаздархочун Айдамиров Абузаран кхолларалла. Студенташа хьехархочуьнца цхьаьна йийцаре йира цуьнан "Йеха буьйсанаш" ц1е йолчу произведенин исторически мехалла а, исбаьхьаллин шатайпаналла а. Ишттачу урокийн доккха маь1на ду къоман синмехаллаш 1алашйарехь а, ткъа иштта ненан матте ларам кхиорехь а.