Х1ора шарахь вайн махкахь оханан беттан 25-чу дийнахь даздеш ду Нохчийн меттан де.
Нохчийн Республикин куьйгалхочо Ахьмада-Хьаьжина Рамзана 2007-чу шарахь шен омрица оханан беттан 25-г1а де «Нохчийн меттан де»- аьлла д1акхайкхина. Оцу дийно йоккха меттиг д1алаьцна вайн дахарехь.
Тахана оханан беттан 24- чу дийнахь, Соьлж-Г1алин «Йуккъера йукъардешаран ишколехь № 53» д1айаьхьира Нохчийн меттан денна лерина мероприяти.
Иштта,вайна т1екхуьучу т1аьхьенна нохчийн матте болу безам кхиош вай къахьегахь, вайн кхане сирла хир йу.