2026 шеран чиллин беттан 20-чу дийнахь, Нохчийн Республикехь дӀайаьхьира Дуьненайукъарчу ненан меттан денна лерина «Беза, бовза ненан мотт!
Диктант массо а муниципальни кӀоштийн, гӀалийн округийн йукъардешаран хьукматашкахь цхьана хеннахь, 10 сахьт даьлча, дӀайолийра.
Диктантан Ӏалашонаш:
– дешархойн лингвистикин а, литературин а, этнографин а декъехь долчу хаарийн тӀегӀа йовзар;
– йукъардешаран хьукматийн дешархойн ненан маттах, литературех долу хаарш лакхадаха лаам кхоллар;
– эхь-бехкан а, патриотизман а буха тӀехь граждански йукъаралла кхиор.