Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан актови залехь дӀайаьхьира Россин Турпалхо, Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа в…
Нохчийн меттан а, литературин а инновационни урокашкахула нохчийн халкъан исторехь Кадыров Ахмад-Хьаьжас дитинарг иэсехь лардар Ӏалашо йара цу мероприятин.
Студенташа гайтира, денна дӀахьучу урокашкахь, тӀекхуьучу чкъурана патриотизм а, Даймахках дозалла дар а, къоман турпалхой ларар а даг чу дуьллуш, муха дӀадахьа мегар ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжа санна болчу турпалхойх лаьцна дийцарш.
Конкурс эвсаречу къовсамехь дIайаьхьира: хӀора декъашхочо 10-15 минотехь сцени тӀехь урокан фрагмент гайтарца, ролех ловзарш, мультимедиан презентаци, нохчийн литературера кийсакаш санна йолчу интерактивни кепех пайдаэцарца.
Жюрин коьртехь бара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрин профессорш а, ткъа иштта Соьлжа-ГӀалин №5 йолчу гимназин къона хьехархо, "2023-чу шеран тоьлла нохчийн меттан хьехархо" къоман конкурсан декъашхо Ульбиева Фариза а.
Говзанчаша декъашхойн мах хадийра царна хьехаран методика йовзаре, церан гайтаро мел буьтучу битами, темица догIуш хиларе, шатайпана хиларе хьаьжжана.
#ПрограммаРазвития_ЧГПУ
#Нохчийн_мотт