Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрехь йийцаре йира Шамсудинов Бувайсаран «Верас» драма, Нохчийн Республикин Хьалхар…
Мероприяти лерина йара иза вина 75 шо кхачарна, цуьнан ладаме ӏилманан-серлонан а, кхетош-кхиоран а маьӏна хиларна а, историн тӏаьхьалонах кхетарна а, кегийрхойн граждански-патриотически мехаллаш кхолларна а аьтто беш.
Дийцаре дарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан председатела Ельсаев Ӏаламхьада, Нохчийн Республикин Йукъараллин палатин аппаратан куьйгалхочо Гайрбеков Шамхана, вевзаш волчу журналиста, публициста Юнусов Хьамзата, пьесин автора Шамсудинов Бувайсара, ткъа НПХьУ-н филологин, историн, бакъонан институтан директора Мусханова Йиситас.
Айдамиров Абузаран цӏарах йолчу аудиторехь чулацаме къамел хилира драмин исбаьхьаллин башхаллех а, коьртачу турпалхочун вастах а – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа прототип волчу Мехкан куьйгалхо, ткъа иштта кхоллараллин исторех а, говзаран документийн бухах а лаьцна.
Нохчийн филологин кафедран хьехархоша а, студенташа а текстан литературоведчески анализ йовзийтира, цуьнан идейно-исбаьхьаллин маьӏналла билгал а доккхуш, пьесин авторна а, кхайкхинчу хьешашна а синкӏоме хаттарш а делира. Иштта йолу мероприятеш истори, литература йовзарна мехала хилар билгалдаьккхира.
#Программа_развитияЧГПУ
#Нохчийн_мотт