Бекарг беттан кхоалг1ачу дийнахь, 5-г1а «В» классехь, нохчийн литературин урокехь дешархоша теллира Арсанукаев 1абдулмуслиман Шайхин кхолларалла а, цу…
Урокан коьрта 1алашо: хьалха заманахь адамашна т1е1иттайелла халонаш йовзийтар, баьпкан ларам бан безаш хилар.
Петербургах хьалха Ленинград олура. Оцу г1алина йина блокада йу байтехь хьахийнарг. Фашистийн Германис, 1942-1943- чуй шерашкахь Ленинградана го а лаьцна, цу чохь беха маьрша нах мацалла балийта, и Г1ала шайн карайерзо х1оттийна мацалла йу йуьйцург. Ткъа иштта вайн къам махкахдаьккхинчу хенахь, мацалла ца дала, бераша лайн к1елара лехьош хилла берцан кенаш а хьахийна поэта шен байтехь.