Бекарг беттан пхоьалг1ачу дийнахь 7-чу "А" классехь д1айаьхьира рог1ера нохчийн меттан урок.
Дешархошна 1емира деепричастин карчамца йолчу предложенешкахь нийса сацаран хьаьркаш х1итто а, деепричастин карчам билгалбаккха а. Иштта урокехь хьехархочо Хамзатханов Хьаьнибан Миланас дешархошка таллийтира ПКЭ-н 3-г1а т1едиллар, сацаран хьаьркаш х1итторца доьзна долу.
7-чу "А" классан дешархоша, шайн хаарш а гойтуш, жигара дакъалецира урокехь.
Дала т1аьхье беркате йойла!